Чулацаман тӀегӀо

Чми

42°51′06″ къ. ш. 44°38′14″ м. д.HGЯO
ХӀара йаззам Википеди чуьра бу — маьрша энциклопеди
Эвла
Чми
хӀир. Цыми, гӀалгӀ. Чими
Чми 2012.jpg
42°51′06″ къ. ш. 44°38′14″ м. д.HGЯO
Пачхьалкх  Росси
Республика Къилбаседа ХӀирийчоь
ГӀалин гуо гӀала БуритӀе
Истори а, географи а
Хьалхара цӀерш Цми
Центран локхалла 937 м
Климатан тайпа Барамера
Сахьтан аса UTC+3
Бахархой
Бахархой 375[1] стаг (2010)
Къаьмнийн хӀоттам гуьржий, гӀалгӀай, хӀирий, оьрсий
Динан хӀоттам керсталла, бусалбанаш-суннийш
Идентификаторан терахьаш
Поштан индекс 362903
Автомобилан код 15
Код ОКАТО 90401362005
Код ОКТМО 90701000121
Номер в ГКГН 0253839
Картин тӀехь
Чми картан тӀехь
Чми
Чми картан тӀехь
Чми
Чми картан тӀехь
Чми

Чми (хӀир. Цыми, гӀалгӀ. Чими) — Къилбаседа ХӀирийчоьн эвла. БуритӀе гӀалин Затеречни кӀоштара эвла, йукъайогӀу БуритӀе гӀалан. ТӀеман-Гуьржийн некъа тӀехь лаьтта.

Истори[бӀаьра нисйан | нисйан]

Чми эвла XX бӀешо долалуш

Чми йукъахь йара хӀирийн Тагауран йукъараллин, цигахь берриг бахархой ДударовгӀарах бара. Чми эвло дӀалоцура чӀогӀа ладаме стратегин меттиг Теркан чӀаж чуволучохь, иза хьахадо кхин а XVI—XVII бӀешерашкарчу хьосташкахь[2]. Кхузахь йиллира ша лаьтта тӀетовжаран меттиг, иза хьахайо Сытинан ТӀеман энциклопедехь ЖӀайрахан чӀагӀо аьлла[3].

Эвлан гена доццуш археологин иэсийн цӀеста муьрера комплекс (герзашца дӀабоьхкинарш оьрнаш чохь) лаьттина тӀаьххьара йукъарабӀешераш кхаччалц. Циггахь хилла доккха аланийн VI—IX бӀешерашкара каш, карийна аланийн дукха герз, гӀирс, бахамера хӀуманаш[4].

ГӀараваьллачу XVIII бӀешеран гуьржийн историко а, географо а Вахушти Багратионис йаздина шен «Гуьржийн паччахьалла йовзийтар» балхахь Чмих лаьцна:[2]

« Кистойн эркан хикхочехь, Арагван малхбуза агӀора, лекхачу ломан кӀажехь лаьтта Чими, меттиг йоккха йу, бӀов а йолуш. Цуьнан бахархой овсаш бу, СидамоновгӀар... »

Бахархой[бӀаьра нисйан | нисйан]

Бахархойн дукхалла
2010[1]
375
Къоман хӀоттам

2010 шеран Ерригроссийн бахархой багарбаран жамӀашца[5].

Къам Барам,
ст.
Берриг
бахархойх дакъа, %
гуьржий 209 55,7 %
гӀалгӀай 107 28,5 %
хӀирий 29 7,7 %
оьрсий 19 5,2 %
кхин берш 11 2,9 %
берриш 375 100 %

Урамаш[бӀаьра нисйан | нисйан]

Дударовн
Затеречни
Хаблиевн

Хьажоргаш[бӀаьра нисйан | нисйан]

Билгалдахарш[бӀаьра нисйан | нисйан]