Чулацаман тӀегӀо

Лавров, Сергей Викторович

ХӀара йаззам Википеди чуьра бу — маьрша энциклопеди
Лавров Сергей Викторович
оьрс. Сергей Викторович Лавров
Лавров Сергей Викторович
Зуда Мария Лаврова[d]
Бераш Екатерина Сергеевна Лаврова[d]
Парти
Дешар
ГӀуллакхалла Дипломати[1], Политика[1]
Автограф Автографан сурт
СовгӀаташ
Сайт mid.ru(оьр.)
Болхбаран меттиг
Викилармин логотип Викиларми чохь медиафайлаш

Лавро́в Серге́й Ви́кторович (вина 1950 21 март, Москох, ССРС) — российн пачхьалкхан а, политикин гӀуллакххо, советийн а, российн а дипломат. Россий Федерацин Арахьара гӀуллакхийн министр 2004 шеран 9 мартехь дуьйна (декхарш кхочушдийриг 2004 шеран 7 - 12 майхь, 2008 шеран 8 - 12 майхь, 2012 шеран 8 - 21 майхь, 2018 шеран 8 - 18 майхь, 2020 шеран 15 - 21 январехь)[3].

Российн Федерацин Кхерамзаллин Кхеташонани гуттаренна декъахо. Леррина а, Йуьззина бакъонаш йолу а векал. Российн Федерацин дипломатин гӀуллакхан хьакъдолу белхало (2004). «Даймехкан гӀуллакх дарна» орденан вуьззина кавалер. Российн Федерацин Къинхьегаман Турпалхо (2020).

Схьавалар[бӀаьра нисйан | нисйан]

Лавровн дех хууш дерг, иза Тиблисера эрмало хилар ду[4][5], цхьацца хаамашца — фамили Калантаров йа Калантарян йара[6]. Ненах дерг хаьа, иза ССРС Арахьа махлелоран министраллин белхало хилар. Российн АГӀМ сайт тӀехь гойту, Лавров оьрсий хилар[7].

Дешар[бӀаьра нисйан | нисйан]

Сергей Викторовича дешна Москохан областера Ногинск гӀаларчу № 2 йолчу В. Короленкон цӀарах ишколехь, тӀаьхьа дехьавелира москохара кӀорггера ингалсан мотт Ӏамо № 607 йолу ишколе, иза чекхйаьккхира детин мидалца. Цунна хазахета урок физика йара. 1972 шарахь чекхйаьккхира ССРС АГӀМ Москохан дуьненайукъара йукъаметтигийн пачхьалкхан институт (МДЮПИ) (малхбален дакъа).

Хаьа ингалсан мотт, Ӏамийна сингалийн, дивехи, французийн меттанаш[4].

АГӀМ болх[бӀаьра нисйан | нисйан]

1972—1994[бӀаьра нисйан | нисйан]

1972 - 1976 шо — стажёр, ССРС Вакийлатан Шри-Ланка Республикера атташе, 1976 - 1981 шерашкахь АГӀМ дуьненайукъара экономикин кхолламийн декъан кхоалгӀа, шолгӀа секретаран даржашкахь лаьттира. 1981 - 1988 шерашкахьНью-Йоркера ССРС ВКъКх Гуттаренна йолчу Вакийлатан хьалхара секретарь, хьехамча, лакхара хьехамча. 1988 - 1992 шерашкахь — Дуьненайукъара экономикин кхолламийн урхаллин хьаькаман гӀовс, хьалхара гӀовс, ССРС АГӀМ оццу урхаллин хьаькам. 1991 шо кхаччалц ССКП декъахо вара.

1991 - 1992 шерашкахь — ССРС АГӀМ Дуьненайукъара кхолламийн урхаллин хьаькам. 1992 шарахь хӀоттийра АГӀМ Дуьненайукъара кхолламийн а, глобалан баланийн а департаментан директор.

1992 шеран 3 апрелехь хӀоттийра Российн Арахьара гӀуллакхийн министран гӀовс[8][9]. Российн АГӀМ Дуьненайукъара кхолламийн а, дуьненайукъара экономикин цхьаьнагӀуллакхдаран а департаментан белхан, Российн АГӀМ Адаман бакъонийн а, дуьненайукъара оьздангаллехь цхьаьнагӀуллакхдаран а урхаллин, АГӀМ ЛПД пачхьалкхийн гӀуллакхийн департаментан жоьпаллехь вара. Оцу даржехь лаьттира 1994 шеран январь бутт кхаччалц. 1993 шеран мартехь дуьйна — ВКъКх системера дуьненайукъара кхолламашна йукъахь Российн Федерацис дакъалацаран ведомствошна йукъара комиссин председателан гӀовс. 1993 шеран ноябрехь дуьйна — Российн Федерацис машаран гӀуллакхехь дакъалацаран координаци йаран ведомствошна йукъара комиссин сопредседатель[10].

Российн ВКъКх гуттаренна волу векал[бӀаьра нисйан | нисйан]

1994 - 2004 шерашРоссий Федерацин Вовшахтоьна Къаьмнийн Кхолламера а, ВКъКх Кхерамзаллин Кхеташонера а гуттаренна волу векал.

Российн Арахьара гӀуллакхийн министр[бӀаьра нисйан | нисйан]

2004 шеран 9 мартан Российн Федерацин Президентан омарца хӀоттийра Российн Федерацин Арахьара гӀуллакхин министран дарже. 2004 шеран майхь йуха хаьржина РФ Президент дарже хӀоьттинчул тӀаьхьа йуха а хӀоттийна оцу дарже. Иштта йуха хӀоттийра 2008 шеран майхь Медведев Дмитрий президентан дарже веича. 2012 шеран 21 майхь рогӀера министран тӀоьрмиг кхечира Путин Владимир президентан дарже ваьлча. 2018 шеран 18 майхь хӀоттийра РФ керла правительство, цигахь а Лавровгахь дисира шен дарж[11].

СовгӀаташ[бӀаьра нисйан | нисйан]

РФ Президент Путин Владимир а, Лавров Сергей а совгӀат «Даймехкан гӀуллакх дарна» I тӀегӀанан орден лучехь 2015 шеран 21 майхь
РФ Президент Медведев Дмитрий а, Лавров Сергей а совгӀат «Даймехкан гӀуллакх дарна» II тӀегӀанан орден лучехь 2010 шеран 12 июлехь
«Даймехкан гӀуллакх дарна» орденан вуьззина кавалер

Билгалдахарш[бӀаьра нисйан | нисйан]

  1. 1 2 Чешская национальная авторитетная база данных
  2. Dramática jornada en Kiev: ya son los 198 civiles ucranianos muertos tras el ataque ruso
  3. Правительство РФ подало в отставку
  4. 1 2 Лавров Сергей Викторович. Лентапедия.
  5. 2005 году в Ереване, отвечая на вопрос о том, помогают ли ему в работе его армянские корни, Лавров ответил, что «корни у меня вообще-то грузинские — мой отец из Тбилиси, а вот кровь действительно армянская» — Елена Супонина У Сергея Лаврова грузинские корни, но армянская кровь // Время новостей: N°28, 18 февраля 2005
  6. Армяно-тбилисские корни Сергея Лаврова // «Georgian Times», 28.01.2008
  7. Министр иностранных дел Российской Федерации // Официальный сайт МИД России
  8. Распоряжение Президента Российской Федерации от 03.04.1992 г. № 153-рп «О заместителе Министра иностранных дел Российской Федерации»
  9. Распоряжение Правительства Российской Федерации от 03.11.1994 № 1725-р «О заместителях Министра иностранных дел Российской Федерации»
  10. Официальный сайт МИД РФ. Лавров Сергей Викторович. ТӀекхочу дата: 2016 шеран 16 март. Кху чуьра архивйина оригиналан 2016 шеран 27 апрелехь
  11. Kremlin.ru. "Рабочая встреча с Председателем Правительства Дмитрием Медведевым"(оьр.).
  12. Указ Президента Российской Федерации от 17 марта 2020 года № 186 «О присвоении звания Героя Труда Российской Федерации»
  13. Указ Президента Российской Федерации от 21 марта 2015 года № 146 «О награждении орденом „За заслуги перед Отечеством“ I степени Лаврова С. В.» // publication.pravo.gov.ru, 23 марта 2015 года
  14. Совещание с российскими послами и постоянными представителями в международных организациях // Kremlin.Ru, 12 июля 2010 года
  15. Указ Президента Российской Федерации от 21 марта 2005 года № 308 «О награждении орденом „За заслуги перед Отечеством“ III степени Лаврова С. В.»
  16. Указ Президента Российской Федерации от 12 мая 1998 года № 552 «О награждении государственными наградами Российской Федерации сотрудников Министерства иностранных дел Российской Федерации»

Хьажоргаш[бӀаьра нисйан | нисйан]