Чулацаман тӀегӀо

Каролина Монакон

ХӀара йаззам Википеди чуьра бу — маьрша энциклопеди
Каролина Ганноверан
фр. Caroline Louise Marguerite Grimaldi
Каролина Ганноверан
Каролина Ганноверан
Дин Католицизм
Тайпа Гримальди[d], Ганноверская династия
Йича тиллина цӀе фр. Caroline Louise Marguerite Grimaldi
Да Ренье III
Нана Келли, Грейс
Майра Philippe Junot, Стефано Казираги[1], Эрнст Август Ганноверский[1]
Бераш Казираги, Андреа Альбер Пьер[1], Шарлотта Казираги[2][1], Пьер Казираги[2][1], Александра Ганноверская[2][1]
Дешар
Динлелор Католицизм
СовгӀаташ
орден Сельскохозяйственных заслуг командор ордена Искусств и литературы орден Культурных заслуг орден Улыбки
Сайт palais.mc/fr/la-f…(франц.)
palais.mc/en/prin…(ингалс.)
Болхбаран меттиг
Викилармин логотип Викиларми чохь медиафайлаш

Каролина, Монакон а, Ганноверан а принцесса (Каролина Луиза Маргарита Гримальди, фр. Caroline Louise Marguerite Grimaldi; йина 1957 шеран 23 январехь, Монакохь) — Монакон элин Ренье III-гӀачун а, голливудан киноседин Келли Грейсан а йоккхаха йолу йоӀ. 1999 шарахь дуьйна — Ганноверан принцесса (майрачун агӀора). 2005 шарахь да веллачул тӀаьхьа, цуьнан вешин эла Альбер II-гӀачун законехь долу бераш хиллалц[3], йара монакон Ӏаршан когаметтаерг.

Биографи[бӀаьра нисйан | нисйан]

Монакон принцесса Каролина йина Монакохь. Бераллехь цуо дукха хан йоккхура шен дененан а, деден а цӀахь Филадельфехь. КхоалгӀачу марехь Эрнст Август V-гӀачуьнгахь, Ганноверан принцехь. ПаргӀата буьйцу французийн, ингалсан, италихойн меттанаш, Ӏамийра немцойн а, испанхойн а меттанаш.

Принцессин хазахета говрийн спорт а, лижаш тӀехь хехкайалар а. 1985 шарахь дакъалецира «Париж-Дакар» ралли-рейдехь раллин экипажан декъахо йолуш спортан киранан Astraceen автомобиль тӀехь, пилот вара цуьнан майра Казираги Стефано[4][5]. Хелхарш Ӏамийра «l’Ecole de Danse de Marika Besobrasova» Монте-карлохь. Кхиамашца локху фортепиано а, шедаг а.

Шен дахар[бӀаьра нисйан | нисйан]

Принцесса Каролина дуьххьара маре йахара 1978 шеран 28 июнехь (гражданийн церемони), 29 июнехь (динан церемони) Монакохь Жюно Филиппега (19.04.1940), парижан банкире. ДӀасакъаьстира 1980 шеран 9 октябрехь. 1992 шарахь Руман-католикин килсо официалан бохийра и мах.

Каролина ша шолгӀа маре йахале цхьаьна хенахь гуора Робертино Росселиница, Роберто Росселинин а, Ингрид Бергманан а кӀентаца.

Цуьнан шолгӀа майра хилира Казираги Стефано (08.09.1960 — 03.10.1990), спортхо а, хьалдолчу италин промышленникан когаметтаверг а. Иза маре йахара Монакохь 1983 шеран 29 декабрехь. Церан кхо бер хилира:

Жимаха долу шина беран цӀераш йелира церан ненадененан а, ненадеден цӀарах — Монакон принцессин Шарлоттин а, принцан Пьеран а. Воккхахаверг, Андреа, цуьнан ден жимхаллехь хилла доттагӀчун цӀарах тиллинера. Стефано Казираги кхелхира аварехь хин-кема хохкучу хенахь.

Каролинин кхоалгӀа, хӀинца а волу майра ву принц Эрнст Август V Ганноверан (26.02.1954), Ганноверан цӀийнан некъийн корта, тӀаьххьарчу урхаллин герцоган Брауншвейг-Люнебурган кӀентакӀентакӀант Эрнст Август II-гӀа, Камберлендан герцог, Йоккха Британин паччахьан Георг III-гӀачун кӀентакӀентакӀант. 1772 шеран британин Паччахьийн зудайалоран актаца, и мах бан официалан пурба паччахь-аьзнис Елизавета II-гӀачо а, Йоккха Британин Къайлаха кхеташоно а.

Каролина Эрнст Августе йахара Монакохь 1999 шеран 23 январехь. Цуо йитинера шен хьалхара зуда Шанталь Хохули 1997 шеран сентябрехь.

Каролинин а, Эрнст Августан а йоӀ хилира:

СовгӀаташ[бӀаьра нисйан | нисйан]

Билгалдахарш[бӀаьра нисйан | нисйан]

  1. 1 2 3 4 5 6 7 https://www.palais.mc/en/biography-1-8.html
  2. 1 2 3 Lundy D. R. The Peerage (инг.)
  3. Пресс-служба Князя Монако. Сообщение о рождении наследников на официальной страничке Князя Альбера II (2014 шеран 9 декабрь).
  4. "Dakar-1985. ASTRA BM 309 №630". dakardantan.com(франц.). Дата обращения: 2020 ш. 10 мартехь.
  5. В.Данильчев. Ралли, которое стало шоу. За рулём, №6, 1985 (1985 шеран июнь). ТӀекхочу дата: 2020 шеран 5 январь.

Хьажоргаш[бӀаьра нисйан | нисйан]