Чулацаман тӀегӀо

Гершель, Уильям

ХӀара йаззам Википеди чуьра бу — маьрша энциклопеди
Гершель Уильям
нем. Friedrich Wilhelm Herschel
Гершель Уильям
Викилармин логотип Гершель Уильям Викилармехь

Фредерик Уильям (Фридрих Вильгельм) Гершель (инг. Frederick William Herschel, нем. Friedrich Wilhelm Herschel; 1738 15 ноябрь, Ганновер1822 25 август, Слау Лондонан гергахь) — гӀараваьлла ингалсан астроном, схьавалар немцойх ду. Гершель Каролинин ваша, Гершель Джонан да. ГӀараваьлла Уран планета дӀаелларца, ткъа кхин а цуьнан ши спутник — Титани а, Оберон а. Цуо кхин а дӀайиллина Сатурн шиъ спутник а, инфрацӀие йовхо тохар а. КӀезго вевза ша автор волчу ткъе йиъ симфоница.

Биографи а, Ӏилманан гӀуллакх а[бӀаьра нисйан | нисйан]

Зуда йалорхьама керсталла тӀеэцначу, къийечу музыкантан-жуьгтийчун Гершель Исаакан (1707—1768) итт берех цхьаъ[5][6][7]. ТӀеман оркестре гӀуллакхе (гобоист дарже) вахара, 1755 шарахь полкаца хьажийра Ганноверан курфюршаллера командировке Ингалсе (и ши пачхьалкх оцу хенахь йихкина йара долара уница). 1755 шарахь дӀавелира тӀеман гӀуллакхера музыка Ӏаморхьама. Болх бира Галифаксехь органист а, музыкин хьехархо а, цул тӀаьхьа кхелхира курортан гӀала Бат, цигахь хилира публикан концерташ дӀасайоькъург. Музыкин теори Ӏаморо Гершель валийра математике, математико оптике, тӀаьххьара, оптико астрономе.

Билгалдахарш[бӀаьра нисйан | нисйан]

Хьажа кхин а[бӀаьра нисйан | нисйан]

Литература[бӀаьра нисйан | нисйан]

  • Еремеева А. И. Вселенная Гершеля. М., 1966.
  • Еремеева А. И., Цицин Ф. А. История астрономии (основные этапы развития астрономической картины мира). Изд. МГУ, 1989.
  • Колчинский И.Г., Корсунь А.А., Родригес М.Г. Астрономы: Биографический справочник. — 2-е изд., перераб. и доп.. — Киев: Наукова думка, 1986. — 512 с.
  • Паннекук А. История астрономии. — М.: Наука, 1966. — 590 с.

Хьажоргаш[бӀаьра нисйан | нисйан]

  • Гершель, Вильям // Энциклопедический словарь Брокгауза и Ефрона: В 86 томах (82 т. и 4 доп.). — СПб., 1890—1907.